Главная   Каталог организаций   Словарь   Бюро переводов
Главная   Каталог организаций   Словарь   Бюро переводов
ВходРегистрация
ВходРегистрация
Главная → Бюро переводов → GordayaNoxcho →

GordayaNoxcho Все вопросы пользователя

0 просм.
0 ответы
Нохчийчоь Ламазаш ас к1езиг дира те хьуна? До1анаш хьурмате хиланц те хьуна? Я б1аьрхиш ца тоьи, къурдашца тоь? Х1ун сардам баха хьох, сан Нохчийчоь? Б1аьрхил а язъелла тхуна тхайн 1уьйреш, Балано са сенбой, т1екхочу суйреш, Тезет – массанхьа. Белхарш ца тоь, Х1ун сардам баха хьох, сан Нохчийчоь? Т1ом кхехка. Ч1аг1буьйлу иза де-дийна. Азаллехь дуьйна а хьо-м т1амо зийна. Х1инца а цо зоь хьо, хьан к1ентий зоь. Х1ун сардам баха хьох, сан Нохчийчоь? Латтанаш бухдийларх, стигланаш лелхарх. Г1азотан байракх ю толаме техкаш. Ян йиш яц, йовр яц, доцуш хьо доь, Хьан к1ентий мел лаьтта, сан Нохчийчоь!
04 февраля 2014 в 18:00, GordayaNoxcho
О проекте   Размещение рекламы   Контакты
© Электронная Чечня, 2017