AminaM Все вопросы пользователя
Бусалба динан шолгIа дарж - Иман. Иманан кхузткъеитт а, кхин масех а дакъа ду, церах уггар дезаниг "лаилахIа иллаллахI" алар ду, уггар лахарниг новкъара нех дIаяккхар ду. Эхь хетар а Иманан цхьа дакъа ду. Иманан арканаш ялх ду: Делах тешар а, Цуьнан малайкех а, Цуьнан жайнех а, Цуьнан элчанех а, къемат дийнах а, къадрах (билгалдаккхарх) тешар а, цуьнан диканах а, вонах а цхьане. Оцу арканийн тешалла ду АллахIан дош: (Дикалла (суьпалла) яц аш шайн яххьаш малхбалехьа а, малхбузехьа а ерзор, амма дикалла ю АллахIах тешар а, тIаьхьарчу (къемат) дийнах а, малайкех а, жайнех а, элчанех а тешар а) [Сурат "Ал-бакъарат" 177 аят]. Къадран (билгалдаккхаран) тешалла ду АллахIан дош: (Баккъалла а Оха массо хIума кхоьллина билгалдаккхарца) [Сурат "Ал-къамар" 49 аят]
03 февраля 2014 в 19:12,
AminaM