Бюро переводов

3 просм.
0 ответы
Переведите стих пожалуйста - сложные слова
Борз уг1уш хезначохь чанг1алкхаш ц1ийзаеш.
Къонахий леллачохь тодакхаш хьийзаеш
Стогаллийн аганахь лайн амалш техкаеш
Х1ун кхане лоьху ахь, сий долу нохчийн къам?


Йишин сий дицдинарш эхь-бехках баьстина.
Вешин ц1ий дитинарш бахамца хьаьстина.
Яхь дошах хийцина, эхь даржах доьхкина.
Х1ун ларам лоьху ахь, сий долу нохчийн къам?


Сий долу хьайн к1ентий саз-лаьттах боьхкина.
1ожалло ларбинарш хьаннашка лаьхкина.
Айкхаллех герз дина, гамонах раг1 дина.
Х1ун толам лоьху ахь, сий долу нохчийн къам?


Хьарамчу рицкъанах г1аланаш йоьттина.
Г1ийланиг, мисканиг халоне х1оттийна.
Хьайн берех бай дина, хьай къаной къарбина.
Х1ун беркат лоьху ахь, сий долу нохчийн къам?


Г1азотехь кхелхинарш мостаг1ий кхайкхина.
Иманехь нисбелларш махкаха къахкийна.
Тезетах той дина, моттарг1ех дин дина.
Х1ун эхарт лоьху ахь, сий долу нохчий къам?
29.09.2020 04:16, Амина (баллы: 3)
Войдите, чтобы иметь возможность отвечать на вопросы