Бюро переводов

3 просм.
0 ответы
Переведите на русский пожалуйста песню - Руслан Ибрагимов и Малика Кавраева - Вайн г1алаташ
Хьуний, суний бохуш къуьйцуш, Ахьий, асий дийр ду баьхнарг,

Нах кхардаме б1аьра хьуьйсуш, летта йоцчу ц1ергахь даьгна,

Хьо а, со а баха дезаш хилла доьг1нарг т1аьхь ца тилла,

Вай ирсана аьтта пг1ег1аш, дакъазалла хьоьхуш хилла,



Сох а, хьох а бехкаш дохуш, г1алаташ вайна т1аьхьа текха,

Карийна шаьш лехнарг бохуш, хьуний, суний хили бекхам,

Хаац ахьа муха лов и, аса-м аьлчи тешар воцуш,

Дерриге дуьне мара къовла г1айг1ано сан дог д1алоцу.



Х1инца-м хьо а хьайна висна, со ю сайца йоькъуш цхьалха,

Оццул вовшех даккхийтийна, тахана дист хуьлу вай хала,

Ахьа а, аса а ала деза т1аьххьара дош д1а ца эли,

Хьуна езарх суна везарх, хилла доьг1нарг хилла дели.
12.12.2018 04:13, Рауза (баллы: 4)
Войдите, чтобы иметь возможность отвечать на вопросы