Бюро переводов

3 просм.
0 ответы
Переведите, пожалуйста, этот стих хотя бы в общих чертах)
Со хьоьца волало хуьлу хьо тIома Со хьуна велало хуьлу хьо гома Со соцу мал хуьлий тулгIенаш яржош Юьжу хьо сан дагалецамийн Iома Лаьхьанан когийн лар дIаевлла хенаш Зингатан бIаьрга го хьан куьйгийн кенаш Со вуьсу секха дог гIевланга дуьллий Хаддаза тергалдан хьох долу гIенаш Со тIома гIотту хьо тIулг хуьлу кочахь Со хьуна дарло хьо елало коча Хьан йистцахиларо синбердаш херцош Хьоьга ладоьгIий сан са лере кхочу Берд байна тулгIенаш дIадаьлла дахар Чуьртана доладар хьоьга догдахар Хьо юьсу бIе эзар бехкаман долахь Есаллехь сан деган мохь хуьлий яха Хьуна тIекхевдича гIоьмаша лоцуш Хьуна букъ берзийча кхардамо лоцуш Дерриг а карийна дерриг а дайча МукIало ду-кх хьуна хьуна бен доцу ЦIа доцуш лелла со цIе йоцуш лелла Мохк боцуш лелла со некъ боцуш лелла Хьан озо вижавеш хьан озо гIаттош Хьо гIам ду йиша ю ца хууш лелла
22.10.2018 23:39, Ханна (баллы: 0)
Войдите, чтобы иметь возможность отвечать на вопросы