Бюро переводов

3 просм.
0 ответы
гр.Грозный
1:
Массарел хазаниг массарна еза
Безамца хьо ловзар 1илма ду говза
Са кийра баги ахь бац хьох къинхетам
Вай къастарш 1абалахь беш дагна хьегам

:
Б1аргаш чу 1аьржа т1яхьара хьаьжна
Лехнарг карийна т1аккха д1атийна
Безам нис бийна кийра са тийна
Дуьнен кур доккха баркалла хьуна

2:
Къинт1ера со волу ца веза хьуна
Ирс доцуш кхоллина хир ву со хьуна
Вай некъаш къастарна щек йац хьай але
Ц1а йоккха хир йу хьо ца оьшуш цхьанне


3:
Ишта ду хьа ловзар ишта ду дахар
Безам аш ловзина йина ахь базар
Куралло айлина стиглахь ша лела
Ц1а хьоъа вужур ву т1емаш дагийна

21.10.2016 03:05, Amor (баллы: 11)
Войдите, чтобы иметь возможность отвечать на вопросы